Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Кхечу къаьмнийн массо а деланаш – цІуш бу, ткъа Везачу Эло стигалш кхоьллина. Ткъа церан деланаш детих а, деших а бина бу, уьш адамийн куьйгашца бина болу цІуш бу. Церан батош ю, амма цара къамел ца до, церан бІаьргаш бу, амма царна хІумма а ца го. Церан лергаш а ду, амма царна ца хеза. Церан марош а ду, амма царна хьожа ца йогІу. Куьйгаш а ду церан, амма уьш хьакха ца ло. Когаш а бу церан, амма уьш лелаш бац. Церан легашкара аз а ца долу. Царах терра хир бу уьш беш берш а, царах тешна Іаш верг муьлхха а. Декъалдойла шу Везачу Эло, стигал а, латта а кхоьллинчо. Иза гІел а лур вац, дог эшна а хир вац, лаьтта тІехь Ша нийсо дІахІоттаяллалц. ХІордан йистера дехаш долу къаьмнаш Цуьнан хьехамах дог тешна хир ду». Хьан ПаргІатдоккхург а, ненан кийрахь долуш дуьйна хьо дІанисдинчу а Везачу Эло иштта боху: «Дерриг а хІума кхоьллина волу Веза Эла ву Со. Ас-Айса дІасаяржийна стигалш, Сайн ницкъаца латта а дІадаржийна. (Аша, наха, иштта дІаала цаьрга: «Цу цІуша стигалш а, латта а ца кхоьллина, уьш лаьтта тІера а, стигалшна бухара а дІаяьхна хир ю».) Шен нуьцкъалаллица Цо дуьне кхоьллина, Шен хьекъалаллица иза чІагІдина, Шен хьекъалца лаьтта тІехула стигалш яржийна. Цу тайпана цІушна сагІина еанчу юучу хІуманах лаьцна хууш ду-кх, кху дуьненахь цІу хІумма а воцург вуйла а, иштта, цхьа Дела воцург, кхин Дела воцийла а.
Выбор основного перевода