Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
«Со шуна юккъехь тІевеана стаг ву, со кхузара а вац. Зуда дІаерзо меттиг яц сан тахана, цхьажимма латта дохкийша суна зуда дІаерзо», – элира цо цу нахе. ТІаккха Якъуба элира ШимІе а, Левига а: «Аш суна тІе бохам баийтина, кху лаьтта тІехь Іаш болчу канаІанхошна а, перезахошна а со бІаьрга ван везар вац. Вай дукха дац, нагахь уьш, вовшах а кхетта, суна тІелатахь, цара со а, вай массо а хІаллаквийр ву». Везачу Эло хьо Шен деган лаам бар а, хьо харжар а массо а халкъел хьо дукха долу дела дацара – хьо массо а халкъел жима халкъ ма ду, – Шен тешар хиларна, шена лур ду аьллачу лаьтта тІехь Іийна иза, тІевеана стаг хийрачу махкахь санна. Четарш чохь Іийна иза, цуьнца цхьатерра ваІданех тешна волу Исхьакх а, Якъуб а ма-Іарра.
Выбор основного перевода