9
Нагахь, иза сох лата а летта, цо со вехь, пІелаштамхой шун леш хир бу, ткъа нагахь, со цунах тола а тоьлла, аса иза вехь, шу тхан леш хир ду, тхуна хьалхара гІуллакх а деш».
Іамминхойн паччахь волчу Нахьаша, шен эскархошца схьа а веана, ГалІадерчу Явеш-гІалина го бира. Массо а цу гІаларчу бахархоша Нахьаше элира: «Тхоьца барт бе, ткъа тхо хьуна гІуллакх деш лелар ду».