Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Шайн мостагІашна дуьхьал тІом бан шу доьлхуш шун чул дукха йолу церан говраш, гІудалкхаш, тІемалой шайна гича, кхера ма лолаш, хІунда аьлча Мисар-махкара шу арадаьхна волу шун Веза Дела шуьца ву. Шу тІаме новкъа довлуш, динан дас, хьалха а ваьлла, халкъе иштта ала деза: „ЛадогІа соьга, Исраилан халкъ! Аша тахана шайн мостагІчуьнца тІом дІаболош бу. Доьналлех ма довлалаш, ма кхералаш, царах ма озалолаш, Іадийна ма хилалаш! ХІунда аьлча шун Веза Дела шуьца новкъа ваьлла мостагІчух тасадала шуна гІо дархьама. Цо шуьга толам боккхуьйтур бу“. Ялхошна юкъахь волчу цхьаммо элира: «Байтлахам-гІалара волчу Юшайн кІант гина суна. Цунна дечиган пондар лакха а хаьа, иза ша майра а, вистхилар хьекъале долуш а, чІогІа товш стаг а ву. Цуьнца Веза Эла а ву».
Выбор основного перевода