Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ша Гати-гІалара а волуш, ГІолиат цІе йолу, бІаьхо волу цхьа стаг пІелаштамхошна юкъара схьавелира. Иза ялх дол а, цхьа ше а хиллал лекха вара. ГІолиат, исраилхойн тІемалошна хьалха дІа а хІоьттина, цаьрга мохь бетта волавелира: «ТІом бан стенна кечделла шу? Со пІелаштамхо вац ткъа? Ткъа шу Шаулан леш ду. Шайна юкъара соьца лата стаг схьахаржа. Нагахь, иза сох лата а летта, цо со вехь, пІелаштамхой шун леш хир бу, ткъа нагахь, со цунах тола а тоьлла, аса иза вехь, шу тхан леш хир ду, тхуна хьалхара гІуллакх а деш». ПІелаштамхочо кхин а элира: «Тахана аса исраилхойн эскаре кхайкхам бо. Схьаваийта суна тІе иштта волу стаг, тхойшиъ вовшахлетар ву!»
Выбор основного перевода