Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Рахьал кхелхира. Эпрати-гІала (я Байтлахам) боьдучу новкъахь дІайоьллира иза. Оцу стеган цІе Элималик яра, цуьнан зудчун цІе НуІмат яра, ткъа шина кІентан цІераш Махьлан а, Халин а яра. Уьш ЯхІуд-махкара Байтлахам-гІалара эпратхой бара. Муаби-аренашка а баьхкина, цигахь баха хевшира уьш. Іабадин хилира кІант Юшай. Юшаян хилира кІант Дауд. Иштта шен ворхІе а кІант Шамъална тІевалийра Юшайс, амма Шамъала элира: «Кхарах цхьа а ца хаьржина Везачу Эло». ТІаккха Шамъала Юшайга хаьттира: «Массо а кІентий кхузахь буй хьан?» Юшайс жоп делира: «Уггар жима кхин цхьаъ ву. Иза хІинца жа дажош ву». Шамъала Юшайга элира: «Цхьаъ вахийтий, иза схьавалавайта. Иза схьаваллалц, вай хІума яа охьаховшур дац». Юшайн хилира кІентий: дуьххьарлерниг Элиаб, шолгІаниг Абинадаб, кхозлагІниг ШимІа, воьалгІаниг Натунаил, пхоьалгІаниг Радай, йолхалгІаниг Оцам, ворхІалгІаниг Дауд. «Хьо а, Эпратера йолу Байтлахам-гІала, ЯхІудан махкарчу гІаланашна юкъахь уггаре а кІезигниг елахь а, хьох вер ву Суна Исраилан къомана куьйгалхо хин волу цхьаъ. Цуьнан схьавалар ду дуьне доладелчхьана, азалера».
Выбор основного перевода