Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу хенахь акъареш тІехь Іаш болу Іаьнакхахой хІаллакбира ЮшаІа: Хьеврон-гІалина уллохь а, Дибар-гІалина уллохь а, Іанаб-гІалина уллохь а, ЯхІудан а, Исраилан а дерриг а лаьмнаш тІехь а. Церан гІаланашца уьш берриш а хІаллакбира цо. Цхьа а Іаьнакхахо ца висира исраилхойн лаьтта тІехь, Іази-гІалаххьий, Гати-гІалаххьий, Ашдод-гІалаххьий бен. Кхин а цхьа тІом хилира пІелаштамхошца Гобахь. Цигахь Байтлахамарчу ЯІар-Орагайман кІанта Элхьанана гатихо волу ГІолиат вийра. Гатихочун гоьмукъа тІера гІаж кІадидархочо болх бечу хенахь лелош йолу еха гІаж санна яра.
Выбор основного перевода