Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІунатас шен герз лелош волчу ялхочуьнга элира: «Вало, оцу дин доцучу сунтбаза болчеран эскар долчу дехьа вер ву вайшиъ. Везачу Эло гІо дан мега вайна, хІунда аьлча Цунна хала дац вайна гІо дан, вай мел делахь а». Иза шен Везачу Деле кхайкхира. Цо элира: «Веза Эла! Ницкъболчарна дуьхьалвалархьама гІорасиза волчунна гІо далуш, Хьо воцург, цхьа а вац. Тхан Веза Дела, гІо дехьа тхуна, хІунда аьлча Хьох тешна ма ду тхо, Хьан цІарах хІокху доккхачу эскарна дуьхьалдовлуш долу. Веза Эла! Хьо ву тхан Дела! Цхьа а адам ма тоьлийла Хьол». Цо элира: «Массо а яхІудхой, Ярушалайман бахархой, ЯхІушапти-паччахь, ладогІалаш соьга! Везачу Эло шуьга иштта боху: „Оцу вуно доккхачу эскарх кхера а ма ло, дог доьхна а ма хила, хІунда аьлча и тІом шун бац, иза Делан тІом бу. Хьан ницкъаца тхешан мостагІий оха юхабоху, Хьан цІарца тхайна дуьхьалбевлларш оха хьошу. Сайн секхаІодах тешна Іаш вац со, сайн туьро а кІелхьар ца воккху со. Делахь а Аса ЯхІудан халкъах къинхетам бийр бу. Церан Веза Дела волчу Аса уьш, секхаІодаца а, туьраца а, тІамца а, дойшца а, дошлошца а доцуш, кхечу кепара кІелхьарбохур бу». Соьга жоп а луш, цо элира: «Иза Везачу Элан дош ду, Зурбабеле аьлла долу. Цу дашо боху: „Эскарца а, ницкъаца а доцуш, ткъа Сан Синца, – боху массо а ницкъийн Везачу Дала. –
Выбор основного перевода