Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Дауда шеца лаьтташ болчу нахе элира: «ХІун кхаъ хир бу, и пІелаштамхо вен а вийна, Исраилан махкана тІера юьхьІаьржо дІаяьккхинчунна? Мила ву хІара дин доцу, сунтваза волу пІелаштамхо, дийна волчу Делан эскарна луьйш волу?» Лом а, ча а йоьра хьан лай волчо. Изза хир ду оцу сунтваза волчу пІелаштамхочунна а, дийна волчу Делан эскарна кхиссарш еш волчу». Дауда пІелаштамхочуьнга элира: «Хьо суна дуьхьал тур а, гоьмукъ а, горга тур а карахь вогІуш ву, ткъа со ахьа сийсаздохуш долчу Исраилан халкъан массо а эскарийн Дела волчу, массо а ницкъийн Везачу Элан цІарах араваьлла. Иза, исраилхойх лаьцна вон бага етташ, луьйш вара. И репахо Даудан вешин ШамаІин кІанта ЯхІунатас вийра.
Выбор основного перевода