Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІора шарахь, билгалдаьхначу деношкахь, Элкхан Шилун-гІала воьдуш хилла массо а ницкъашна тІехь волчу Везачу Элана лерина долу гІуллакх дан а, Цунна сагІа даккхийта а. Шилунехь Везачу Элан динан дай бара Іелин кІентий: Пайнехьассий, Хьапний. Даудан паччахьалла чІагІлуш дІадоьдуш дара, массо ницкъийн Веза Дела а цуьнца вара. Цаьрца берг адамийн ницкъ бу, ткъа вайца вайн Веза Дела ву, вайна гІо а деш, вайн дуьхьа тІом а беш волу». ТІаккха яхІудхойн паччахьан Хьузакх-ЯхІун дешнаша халкъ чІагІдира. Везачу Элера ду вайна гІо – Иза стигалш а, латта а Кхоьллинарг ма ву. Тхайн тІемашкахь оха леладо герзаш кху дуьнен чуьра герзаш дац. Мелхо а, Дала цу герзашна Шен ницкъ белла, цаьргахула тхоьга гІепаш хІаллакьяйтархьама. Мекара ойланаш а, буьрса цІе а йойуш, ирачу туьрах кІелхьар а довлуш, гІелделча, дегІе ницкъ а богІуш, тІамехь онда а хуьлуш, мостагІийн эскарш а лохкуш, хилла уьш.
Выбор основного перевода