Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма сан да хьуна ямартло ян кечвеллехь, иза аса хьан лергашна хазор ду, хьо кІелхьара а волуьйтур ву. Везачу Эло, Шен лааме хьаьжжина, луьра таІзар дойла суна, аса иза ца дахь. Веза Эла, сан деца ма-хиллара, хуьлийла хьоьца а. ТІаккха Дауда элира: «Кхузахь хир ду Везачу Делан цІа, Исраилан халкъо дийнаташ дагоран сагІа доккху кхерч а хир бу кхузахь». Хьан дуккха а белхалой бу: тІулг хьокхурш а, тІулгпхьераш а, дечигпхьераш а, иштта дешица а, детица а, цІастанца а, эчигца а муьлхха а гІуллакх дан хуур долу нах а – церан барам бац. Хьайн гІуллакх, дІа а доладай, чекхдаккха. Веза Эла хьоьца хуьлийла». Іеса стаг ведда лела, шена тІаьхьаваьлла лелаш цхьа а воццушехь, ткъа дика стаг, лом санна, майра хуьлу. Амма соьца Веза Эла вара. Цо ницкъ белира суна хаза кхаъ кхоччуш болчу барамехь соьгахула дІакхайкхабайта а, массо а кхечу къаьмнех болчу нахана иза дІахазийта а. Иштта кІелхьарваьккхинера со лоьман багара.
Выбор основного перевода