Toggle navigation
Главная
Переводы Библии
Комментарии к Библии
Библейские словари и энциклопедии
Новости
Выбор основного перевода
Синодальный
Современный
Перевод РБО. Радостная Весть
Юбилейное издание (Свет на Востоке)
Перевод свящ. Леонида Лутковского
Церковнославянский перевод
Аварский (магӀарул мацӀ)
Азербайджанский (Azärbaycanca)
Башкирский (башҡорт теле)
Беларускі пераклад
Грузинский (ქართული ენა)
Казахский (қазақ тілі)
Кумыкский (къумукъ тил)
Осетинский (ирон æвзаг)
Таджикский (тоҷикӣ)
Татарский (татарча)
Туркменский (Türkmençe)
Узбекский (ўзбекча)
Український переклад І. Огієнка
Чеченский (нохчийн мотт)
Чувашский (чӑвашла)
American Standard
Biblia Tysiąclecia
Deutsche Luther
Ελληνική μετάφραση
King James
Română traducere
Tradução português
Traducción al español
Traduction française
Traduzione italiana
Türkçe çeviri
中文 汉译
Новый русский перевод МБО
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Сделайте выбор
Комментарии Баркли
Новая Женевская Учебная Библия
Толкование Златоуста
Учебная Библия МакАртура
Толкование Жана Кальвина
Комментарии МакДональда к Библии
Серия комментариев МакАртура
Толкование Мэтью Генри
Толковая Библия Лопухина
Толкование Далласской семинарии
Толкование Блаженного Феофилакта Болгарского
Новый Библейский Комментарий
Комментарии Давида Стерна к Новому Завету
Комментарии Сперджена
Синодальный
Современный
Перевод РБО. Радостная Весть
Юбилейное издание (Свет на Востоке)
Перевод свящ. Леонида Лутковского
Церковнославянский перевод
Аварский (магӀарул мацӀ)
Азербайджанский (Azärbaycanca)
Башкирский (башҡорт теле)
Беларускі пераклад
Грузинский (ქართული ენა)
Казахский (қазақ тілі)
Кумыкский (къумукъ тил)
Осетинский (ирон æвзаг)
Таджикский (тоҷикӣ)
Татарский (татарча)
Туркменский (Türkmençe)
Узбекский (ўзбекча)
Український переклад І. Огієнка
Чеченский (нохчийн мотт)
Чувашский (чӑвашла)
American Standard
Biblia Tysiąclecia
Deutsche Luther
Ελληνική μετάφραση
King James
Română traducere
Tradução português
Traducción al español
Traduction française
Traduzione italiana
Türkçe çeviri
中文 汉译
Новый русский перевод МБО
Выбор книги основного перевода
1. Царств
Ветхий Завет
Ветхий Завет
Бытие
Ветхий Завет
Книга Бытие в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Исход
Ветхий Завет
Книга Исход в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Левит
Ветхий Завет
Книга Левит в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Числа
Ветхий Завет
Книга Числа в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Второзаконие
Ветхий Завет
Книга Второзаконие в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иисус Навин
Ветхий Завет
Книга Иисус Навин в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Судьи
Ветхий Завет
Книга Судьи в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Руфь
Ветхий Завет
Книга Руфь в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Царств
Ветхий Завет
Книга 1. Царств в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Царств
Ветхий Завет
Книга 2. Царств в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
3. Царств
Ветхий Завет
Книга 3. Царств в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
4. Царств
Ветхий Завет
Книга 4. Царств в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Паралипоменон
Ветхий Завет
Книга 1. Паралипоменон в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Паралипоменон
Ветхий Завет
Книга 2. Паралипоменон в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Ездра
Ветхий Завет
Книга Ездра в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Неемия
Ветхий Завет
Книга Неемия в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Есфирь
Ветхий Завет
Книга Есфирь в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иов
Ветхий Завет
Книга Иов в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Псалтирь
Ветхий Завет
Книга Псалтирь в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Притчи
Ветхий Завет
Книга Притчи в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Екклесиаст
Ветхий Завет
Книга Екклесиаст в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Песня Песней
Ветхий Завет
Книга Песня Песней в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Исаия
Ветхий Завет
Книга Исаия в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иеремия
Ветхий Завет
Книга Иеремия в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Плач Иеремии
Ветхий Завет
Книга Плач Иеремии в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иезекииль
Ветхий Завет
Книга Иезекииль в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Даниил
Ветхий Завет
Книга Даниил в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Осия
Ветхий Завет
Книга Осия в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иоиль
Ветхий Завет
Книга Иоиль в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Амос
Ветхий Завет
Книга Амос в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Авдий
Ветхий Завет
Книга Авдий в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иона
Ветхий Завет
Книга Иона в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Михей
Ветхий Завет
Книга Михей в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Наум
Ветхий Завет
Книга Наум в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Аввакум
Ветхий Завет
Книга Аввакум в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Софония
Ветхий Завет
Книга Софония в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Аггей
Ветхий Завет
Книга Аггей в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Захария
Ветхий Завет
Книга Захария в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Малахия
Ветхий Завет
Книга Малахия в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Новый Завет
От Матфея
Новый Завет
Книга От Матфея в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
От Марка
Новый Завет
Книга От Марка в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
От Луки
Новый Завет
Книга От Луки в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
От Иоанна
Новый Завет
Книга От Иоанна в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Деяния
Новый Завет
Книга Деяния в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иакова
Новый Завет
Книга Иакова в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Петра
Новый Завет
Книга 1. Петра в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Петра
Новый Завет
Книга 2. Петра в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Иоанна
Новый Завет
Книга 1. Иоанна в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Иоанна
Новый Завет
Книга 2. Иоанна в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
3. Иоанна
Новый Завет
Книга 3. Иоанна в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иуды
Новый Завет
Книга Иуды в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Римлянам
Новый Завет
Книга К Римлянам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Коринфянам
Новый Завет
Книга 1. Коринфянам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Коринфянам
Новый Завет
Книга 2. Коринфянам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Галатам
Новый Завет
Книга К Галатам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Ефесянам
Новый Завет
Книга К Ефесянам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Филиппийцам
Новый Завет
Книга К Филиппийцам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Колоссянам
Новый Завет
Книга К Колоссянам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Фессалоникийцам
Новый Завет
Книга 1. Фессалоникийцам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Фессалоникийцам
Новый Завет
Книга 2. Фессалоникийцам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Тимофею
Новый Завет
Книга 1. Тимофею в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Тимофею
Новый Завет
Книга 2. Тимофею в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Титу
Новый Завет
Книга К Титу в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Филимону
Новый Завет
Книга К Филимону в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Евреям
Новый Завет
Книга К Евреям в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Откровение
Новый Завет
Книга Откровение в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
← Предыдущая
1. Царств
Следующая →
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
1
ПІелаштамхоша шайн эскар тІамана схьагулдира. Цара, ЯхІуд-махкарчу Соха-гІалахь схьа а гулбелла, Соханий, Іазекхиний юккъехь йолчу Эпас-Дамимахь меттамотт дІахІоттийра.
2
Ткъа Шаул, исраилхошца цхьаьна Эла-тогІи чохь шен меттамотт дІа а хІоттийна, пІелаштамхошна дуьхьал тІом бан кечвелира.
3
ПІелаштамхой цхьана агІор лаьтташ болчу лам тІе бевлира, ткъа исраилхой цунна дуьхьал лаьттачу вукху лам тІе бевлира. Царна юккъехь тогІи яра.
4
Ша Гати-гІалара а волуш, ГІолиат цІе йолу, бІаьхо волу цхьа стаг пІелаштамхошна юкъара схьавелира. Иза ялх дол а, цхьа ше а хиллал лекха вара.
5
Цуьнан коьртахь цІестах дина долу гІем дара, тІедуьйхина цІестан пелагех дина гІагІ дара. Цу гІаьгІнан деккъа дозалла пхи эзар шекхал цІаста хиллал дара.
6
Цуьнан когаш тІехь цІестан гола тІеюхкурш яра, букъ тІехь цІестан горга тур а дара.
7
Цуьнан гоьмукъан гІаж, кІадидархочун гІирс санна, еха яра, ткъа ша гоьмукъ ялх бІе шекхал эчиг хиллал бара. Цунна хьалха хІоьттина вогІуш цуьнан доккха турс лелош верг а вара.
8
ГІолиат, исраилхойн тІемалошна хьалха дІа а хІоьттина, цаьрга мохь бетта волавелира: «ТІом бан стенна кечделла шу? Со пІелаштамхо вац ткъа? Ткъа шу Шаулан леш ду. Шайна юкъара соьца лата стаг схьахаржа.
9
Нагахь, иза сох лата а летта, цо со вехь, пІелаштамхой шун леш хир бу, ткъа нагахь, со цунах тола а тоьлла, аса иза вехь, шу тхан леш хир ду, тхуна хьалхара гІуллакх а деш».
10
ПІелаштамхочо кхин а элира: «Тахана аса исраилхойн эскаре кхайкхам бо. Схьаваийта суна тІе иштта волу стаг, тхойшиъ вовшахлетар ву!»
11
ПІелаштамхочо бохург шайна хезча, Шаул а, исраилхой а, кхерабелла, Іадийнера.
12
ЯхІуд-махкарчу Байтлахам-гІалара волчу эпратхочун Юшайн кІант вара Дауд. Юшайн бархІ кІант вара. Шаул паччахьан даржехь волчу заманчохь Юшай чІогІа хан яьлла стаг вара.
13
Юшайн воккхаха волу кхо кІант Шаулца тІаме вахнера. Цуьнан тІаме ваханчу кхаа кІентан цІераш яра: уггаре воккхачун – Элиаб, шолгІачун – Абинадаб, кхозлагІчун – Шама.
14
Дауд жимаха верг вара. Воккхаха волу кхо кІант Шаулца волчу хенахь,
15
Дауд Шаул волчу дІа а воьдий, цигара юхавоьрзура, Байтлахам-гІалахь волчу шен ден уьстагІий дажо.
16
Шовзткъа дийнахь пІелаштамхо, Іуьйранний, суьйранний ара а волуш, исраилхошна ша гайта дІахІуттура.
17
ТІаккха Юшайс шен кІанте Дауде элира: «Хьайн вежаршна кхо сахь кхерзина буьртигаш а, итт бепиг а эций, сихха церан меттамотт лаьттачу дІагІо.
18
ХІара итт нехча тІеман коьртачу хьаькаме дІало, хьайн вежарийн хьал-де хаа, уьш могуш-маьрша хиларан билгало а я.
19
Шаул а, хьан вежарий а, массо а исраилхо санна, Эла-тогІи чохь пІелаштамхошца тІом беш бу».
20
Дауд, Іуьйранна хьалххе хьала а гІаьттина, шен уьстагІий хехочуьнга дІа а делла, шен мохь схьа а эцна, Юшайс шена тІе-ма-диллара, эскар лаьтташ долчу дІавахара. ХІара дІакхаьчначу хенахь эскархой тІом бечу могІаршкахь дІахІиттина лаьттара. Маьхьарий а детташ, тІамана кечлуш бара уьш.
21
Исраилхоша а, пІелаштамхоша а шайн тІемалойн могІанаш дуьхь-дуьхьал дерзийнера.
22
Дауда, шегахь болу мохь тІеман гІирс ларбеш волчу хехочуьнга дІа а белла, ведда эскархойн могІанаш долчу юкъа а вахана, шен вежаршка хІун хьал ду хаьттира.
23
Иза шен вежаршца къамел деш волчу хенахь Гати-гІалара ГІолиат цІе йолу пІелаштамхойн вовшахлатархо, шайн могІанашна юкъара ара а ваьлла, мохь бетта волавелира. Даудана цо бохург хезира.
24
Массо а исраилхо, и стаг шайна ма-гиннехь, кхералой, цунах водура.
25
Исраилхоша бохура: «Гой шуна и къамел деш волу стаг? Иза исраилхой емалбеш, царна луьйш ву. Иза вийначунна паччахьо боккха бахам лур бара, цуьнга шен йоІ маре а йохуьйтур яра, цуьнан доьзал Исраилан махкахь массо а кхечу нахана тІедиллина долчу хІуманах мукъа а боккхур бара».
26
ТІаккха Дауда шеца лаьтташ болчу нахе элира: «ХІун кхаъ хир бу, и пІелаштамхо вен а вийна, Исраилан махкана тІера юьхьІаьржо дІаяьккхинчунна? Мила ву хІара дин доцу, сунтваза волу пІелаштамхо, дийна волчу Делан эскарна луьйш волу?»
27
Цара, шаьш аьлларг юха карла а доккхуш, и стаг вийначунна кхаъ лур бу аьлла, дІахаийтира.
28
Даудан воккхаха волчу вешина Элиабна хезира цо нахаца деш долу къамел. Даудана чІогІа оьгІаз а вахана, цо элира: «Хьо хІунда веана кхуза? Хьанах тешна дитина ахьа вайн де а доцу уьстагІий яьссачу арахь? Суна евзаш ю хьан сонталла а, хьан вон дог а. Хьо тІамах бІаьрг тоха веана кхуза?»
29
Дауда элира: «Соьгара хІун даьлла, нахаца къамел дарал сов?»
30
Шена уллохь болчу нахе дІа а вирзина, Дауда цаьрга хаттар дича, цара, вукхара санна, жоп делира цунна.
31
Дауда аьлла долу дешнаш Шауле дІадийцира. Цо Дауд шена тІекхайкхира.
32
ТІаккха Дауда Шауле элира: «И пІелаштамхо бахьана долуш цхьа а стаг гІайгІане хила оьшуш вац. Хьан лай, ваха а вахана, цуьнца летар ву».
33
Шаула Дауде элира: «Хьо ларор вац цу пІелаштамхочуьнца, хІунда аьлча хьо хІинца а жима ву, ткъа иза кога ирахІоьттинчу хенахь дуьйна тІеман гІуллакх девзаш хилла ву».
34
Дауда Шауле элира: «Хьан лай шен ден уьстагІий дажош лелла ву. Нагахь санна, я лом, я ча а еана, цара жа юкъара уьстагІ дІабаьхьча,
35
царна тІаьхьа а воьдий, тІекхетий, церан багара иза схьабоккхура ас. Амма иза сайна тІекхетча, аса цуьнан кхес схьа а лоций, охьа а тухий, йоьра.
36
Лом а, ча а йоьра хьан лай волчо. Изза хир ду оцу сунтваза волчу пІелаштамхочунна а, дийна волчу Делан эскарна кхиссарш еш волчу».
37
Дауда кхин а элира: «Лоьмах а, ченах а со кІелхьарваьккхина волчу Везачу Эло со оцу пІелаштамхочун куьйга кІелара а воккхур ву». ТІаккха Шаула Дауде элира: «Вало, гІо цига. Веза Эла хьоьца хуьлийла».
38
Даудана шен бедарш тІеюьйхира Шаула, коьрта цІестан гІем а тиллира, цунна тІе гІагІ а дуьйхира.
39
Бедарш тІехула тур гІода юккъе а дихкина, Дауд дІасаволавелира, амма иза ишттачу духарца лела Іемина вацара. Цо Шауле элира: «Со, хІара духар а доьхна, лела Іемина вац». Цо и хІуманаш шена тІера дІаехира.
Параллельные места
Отсутствуют
40
Коьжалг шен кара а лаьцна, татол чуьра пхи шера тІулг а хаьржина, уьш шегахь болчу тІоьрмаг чу а дехкина, и тІоьрмаггий, ширдолаггий карахь а долуш, иза пІелаштамхочунна дуьхьалвахара.
41
ПІелаштамхо а вара кхунна дуьхьалвогІуш, хьалха ваьлла доккха турс лелош верг а волуш.
42
ПІелаштамхо Дауде цавашарца схьахьаьжира, хІунда аьлча хІара ханна жима а вара, хьаьрса а волуш, юьхь тІера хаза а вара.
43
Цо Дауде элира: «Хьо суна дуьхьал гІожаца ма ваьлла. Со жІаьла ду-м ца моьтту хьуна?» Иза а аьлла, пІелаштамхочо шен деланашкара неІалт кхайкхира Даудана.
44
Цо Дауде элира: «ТІевола суна, аса хьан дакъа стигаларчу олхазаршний, аренгахь лелаш долчу акхарошний дІалур ду».
45
Дауда пІелаштамхочуьнга элира: «Хьо суна дуьхьал тур а, гоьмукъ а, горга тур а карахь вогІуш ву, ткъа со ахьа сийсаздохуш долчу Исраилан халкъан массо а эскарийн Дела волчу, массо а ницкъийн Везачу Элан цІарах араваьлла.
46
Таххана Везачу Эло хьо сан кара схьалур ву, ткъа аса хьо вуьйр ву. Аса хьан корта схьабоккхур бу, ткъа пІелаштамхойн эскархойн декъий стигаларчу олхазаршна а, лаьттахь лелаш долчу акхарошна а дІалур ду. Дерриг а дуьненна дІахуур ду Исраилан махкахь Дела вуйла.
47
Кхузахь гулделлачу дерриг а халкъана дІахуур ду Везачу Эло туьраций, гоьмукъций ца воккхийла кІелхьара, хІунда аьлча тІом Везачу Элан карахь бу. Цо шу тхан кара схьа а лур ду».
48
ПІелаштамхо шена тІеволавелча, Дауд сихха цунна дуьхьалведира.
49
Шен тІоьрмаг чу куьг а дахийтина, тІулг схьаийцира цо. Ширдолагца ластийна, цо иза пІелаштамхочунна хьажа юккъе туьйхира. И тІулг цунна нийсса хьажа юккъе богІабелира, ткъа пІелаштамхо бертал охьавуьйжира.
50
Иштта тІулгаций, ширдолагций пІелаштамхо эшийра Дауда. Цо иза карахь тур а доцуш вийра.
51
ТІаккха Дауда, ведда тІе а вахана, цунна тІе ког а баьккхина, пІелаштамхочун тур баттара схьа а даьккхина, цуьнан корта баьккхира. ПІелаштамхой, шайна юкъара ницкъберг велла гича, бевдда дІабахара.
52
Исраил-махкара а, ЯхІуд-махкара а халкъ маьхьаршца пІелаштамхошна тІаьхьаделира. Цара уьш, лаьхкина, тогІи чу вуллучу дІабигира, цигара дІа – Іекхран-гІали чу воьду ков долчу бигира. Эшийна, лаьхкина буьгуш болу пІелаштамхой ШаІрайм-гІалина тІе боьдучу новкъа тІе охьаоьгура Гати-гІалина а, Іекхран-гІалина а тІекхаччалц.
53
Шаьш пІелаштамхошна тІаьхьабевллачуьра юхабирзича, церан бахам дІасабоькъура исраилхоша.
54
ТІаьхьо, пІелаштамхочун корта схьа а эцна, Дауда иза Ярушалайме дІабаьхьира, ткъа цуьнан тІеман гІирс цо шен четар чохь охьабиллира.
55
ПІелаштамхочуьнца Дауд лата воьдуш шена гича, Шаула эскаран хьаькам волчу Абунаре элира: «Абунар, иза хьенан кІант ву?» Абунара элира: «Дийна волчу сайх чІагІо йо ас, ва паччахь, суна иза билггала ца хаьа».
56
Паччахьо элира: «Хатта, хьенан кІант ву и жима стаг».
57
Дауд, пІелаштамхо эша а вина, юхавогІучу хенахь, Абунара иза Шаул волчу схьавалийра. ПІелаштамхочун корта цуьнан карахь бара.
58
Шаула цуьнга хаьттира: «Жима стаг, хьо хьенан кІант ву?» – аьлла. Дауда жоп делира: «Со Байтлахам-гІалара хьан лай волчу Юшайн кІант ву».
← Предыдущая
1. Царств
Следующая →
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
Выбор основного перевода
Синодальный
Современный
Перевод РБО. Радостная Весть
Юбилейное издание (Свет на Востоке)
Перевод свящ. Леонида Лутковского
Церковнославянский перевод
Аварский (магӀарул мацӀ)
Азербайджанский (Azärbaycanca)
Башкирский (башҡорт теле)
Беларускі пераклад
Грузинский (ქართული ენა)
Казахский (қазақ тілі)
Кумыкский (къумукъ тил)
Осетинский (ирон æвзаг)
Таджикский (тоҷикӣ)
Татарский (татарча)
Туркменский (Türkmençe)
Узбекский (ўзбекча)
Український переклад І. Огієнка
Чеченский (нохчийн мотт)
Чувашский (чӑвашла)
American Standard
Biblia Tysiąclecia
Deutsche Luther
Ελληνική μετάφραση
King James
Română traducere
Tradução português
Traducción al español
Traduction française
Traduzione italiana
Türkçe çeviri
中文 汉译
Новый русский перевод МБО