Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьаната элира: «Сан эла! Хьо дийна хилар санна бакъ ду хьуна, тоххара хІоккхуза дІа а хІоьттина, Везачу Эле доьхуш доІа деш хилларг со хилар. Шаула элира: «Къа латийна аса сайх. ЦІа верза, сан кІант Дауд. Аса сайгара кхин зулам доккхур дац хьуна. Тахана ахьа гайти, сан са хьуна деза хетийла. Корта боцуш долу хІуманаш лелийна хилла аса, сайх дукха къинош а летош». Дауда, жоп луш, элира: «ХІара бу шуна паччахьан гоьмукъ. Цхьа жима стаг схьаваийта, хІара дІабахьа. Амма Шаулан эскаран хьаькам волчу Неран кІанта Абунара, Шаулан кІант Иш-Бошат схьа а эцна, иза Махьанайме схьавалийра.
Выбор основного перевода