Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Ткъа Аса боху шуьга: шайн мостагІий беза, хьайна зулам деш берш Деле беха – Цхьанна а зуламна дуьхьал зулам ма делаш, мелхо а, массо а адамна хьалха оьзда дерг лело гІерталаш. Хьовсалаш, цхьаьнгге а цхьанна а вонна дуьхьал вон ма дайталаш, амма гуттара а вовшашна а, массарна а диканиг дан гІорталаш. Цо элира: «Аса хьо декъал а вийр ву, хьуна дуккха а тІаьхье а лур ю». ХІунда аьлча иштта бу Делан лаам: дика гІуллакх дечара сонта наха дуьйцуш долу эрна хабарш дІасовцадо. Ша сийсазвича, Цо дуьхьал вон дош ца олура, Ша бала ловчу хенахь, кхерамаш ца туьйсура, амма нийсо ечу Кхелахочун кара Ша дІалора.
Выбор основного перевода