Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
ТІаккха Везачу Эло элира: «Могуьйтур дац Аса адамашна гуттар а Сан са даа, уьш дилха бен доцу дела. Церан дахаран шераш бІе ткъа шо бен хир дац». ТІаккха лаьттара адамаш чІогІа галдевлла хилар а, церан ойланаш а, дегнаш а, массо а ханна а зуламах дуьзна хилар а гира Везачу Элана. Нохьа шен доьзалца хинкеман чу велира, оцу лаьтта тІе хи тІедаларх кІелхьарвалархьама. Цуьнца кеман чохь яра цуьнан зуда а, кІентий а, церан зударий а. Лаьтта хи тІедалар шовзткъа дийнахь лаьттира. Хи алссам а даьлла, хинкема хи чохь айа а делла, лаьттах къаьстира. Нохьа а, цуьнан кІентий а, цуьнан зуда а, кІентийн зударий а арабевлира хинкеман чуьра. Тешар хиларна, цу хенахь хІинца а ган йиш йоцуш долу хІума Дала шега хаийтича, Нохьас, Деле болчу ларамах вуьзна, хинкема дира, шен доьзал кІелхьарбаккхархьама. И тешар хиларна, цо дуьненна кхел йира, ткъа ша Делан лаамехь верг хилира: тешарехула Шена хьалха бакъвина хиларан тІаьхьало елла цунна Дала. Хьалха заманахьлера Іеса адам хІаллакдина Дала, тІе хи а далийтина. Делахь а Далла хьалха нийса хиларх лаьцна болу хьехам бинчу Нохьин доьзалера бархІ са кІелхьардаьккхина Цо.
Выбор основного перевода