Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Даудан назма. Везачу Эло элира хьалдолчу эле: «Суна аьтту агІор охьахаа, Аса Хьан мостагІий хьан когашка охьабахккалц». Хьаьнга ялур ю царна кхел? Цхьаьнгге а! Дала леррина къобалвина Іийса вайн метта велла-кх. Цул сов, Дала ден а вина, Цунна юххехь аьтту агІор а хиъна, вайна тІера Деле доьхуш ву Иза. Со теша, я Іожалло, я дахаро, я маликаша, я жинаша, я цхьана а долуш долчо, я цхьана а хиндолчо, я цхьана а ницкъаша, Ша леррина Къобалвинчунна чохь лелийтира Дала. Иза, веллачуьра ден а вина, стигалшкахь Шена аьтту агІор охьахаийра Цо. Цо Иза охьахаийна, стигаларчу массо а хьаькамел а, куьйгалхойл а, ницкъел а, олахойл а лакхара а вина, муьлхха а кху заманчохь йоккхуш йолчу цІарал лакхара вина ца Іаш, массо а хин йолчу заманашкахь йоккхур йолчу цІарал лакхара а вина.
Выбор основного перевода