Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
«Цу халкъо къайлаха барт бар мел ду бохучух къайлаха барт бар ду ма баха, иза кхоьручу хІуманах ма кхера, ткъа Іадийна ма хила. Массо а ницкъийн Веза Эла шайн Веза Дела бен ма лара, Цуьнга бен ларамах дуьзна ма хила, Цунна хьалха бен Іадийна ма хила! Декъалбина бу, бакъонна тІаьхьахІиттина аьлла, таІзаре озийнарш – уьш, Стигалийн Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь бу». Ларам бу стеган, нагахь санна бехк а боцуш таІзар ловш велахь, Дела вуйла а хууш. ХІун сий хир ду, нагахь шайн бехк буйла а хууш, деш долу таІзар ловш шу делахь? Амма диканиг а дина, шу хало ловш делахь, иза Далла гергахь деза ду. Нагахь Дала леррина Къобалвинарг бахьана долуш шу сийсаздеш делахь, шу декъалдина ду, Делан сийлаллин Са шуьца хуьлу дела. Сан хьоме бераш! Цхьаммо а нийсачу новкъа тІера шу дІа ма дохийла! Делан лаамехь лелаш верг – Делан лаамехь ву, Дала леррина Къобалвинарг а Делан лаамехь ма-хиллара.
Выбор основного перевода