Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Цундела хьуо Далла сагІа даккха воьдучу хенахь цхьаъ хьайна реза воцуш хилар хьайна дага дагІахь, и совгІат сагІа доккхучу кхерчана йисте охьа а диллий, цу стагаца куьйге ваха хьажа. Цигара юхавирзинчул тІаьхьа дийр ду ахьа Далла гІуллакх. Хьо кхелахочуьнга дІавала кечвеллачуьнца, шаьш цига дІакхачале, катоххий барт бан хьажа, куьйге а гІо. Ахьа иза ца дахь, хьан довхочо хьо кхелахочуьнга дІалур ву, ткъа цо гІаролхочуьнга а велла, набахти чу кхуссуьйтур ву. Билггала боху хьоьга: цигара хьо аравер вац, тІаьххьарчу шайнна тІекхаччалц, дерриг а хьайн декхар дІаделла а бен». Майрачо шен зудчун дегІан лаам кхочушбан беза. Иштта зудчо а кхочушбан беза майрачун дегІан лаам. Майранаш, шайн зударий безалаш, динан ерриге а тоба Дала леррина Къобалвинчунна езаре терра. Цуьнан дуьхьа Шен са а дІаделла Цо. Майранаш, шу а шайн зударий безаш хила, цаьрца буьрса ма хила. Шух хІоранна а хаа деза, цІена а, шен сий лардеш а, Далла гергахь боьхачу лаамех шен дегІ цІена латто хІун дан деза.
Выбор основного перевода