Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
qac Еqac*ллачу Хьан бакъонех лаьцна дуьйцур ду ас паччахьашна хьалха, ийза а ца луш. Массо а ницкъийн Веза Эла шайн Веза Дела бен ма лара, Цуьнга бен ларамах дуьзна ма хила, Цунна хьалха бен Іадийна ма хила! Шун дистхилар а хаза хила деза, дуьйцург сингаттаме ма хилийта, хІоранга а жоп муха дала деза а хууш. Хастам бу Далла, леррина къобалвинчу вайн Везачу Элан Іийсан Дена, Шен доккхачу диканца вайна керла дахар делла волчу, веллачуьра Ша леррина къобалвина Іийса ден а вина, цу бахьаненна хІаллак а хир йоцучу, сакхто я замано талхор а йоцучу тІаьхьене бакъболу сатийсам вайна белла волу. И тІаьхье стигалшкахь ларъеш ю, Сема а, дечу гІуллакхна гуттар а кийча а хуьлда шун кхетам. Дала леррина къобалвина Іийса вогІучу дийнахь Делан шуьга болу безам бахьана долуш шайна лун долчуьнца боьзна хилийта шайн берриг а сатийсамаш. Нагахь хІораннах а озабезам ца беш, цо диначуьнга хьаьжжина кхел еш Волчух аша Дада олуш хилча, шаьш дуьнен чу даьхкина хьеший хилла йолу хан сийлаллин кхерам дагахь а болуш яккха. Иза веллачуьра ден а вина, Цунна деза сийлалла деллачу Делах а Иза бахьана долуш теша шу, цундела шун тешар а, сатийсам а Делаца боьзна бу. Харцдерг лелочара кхидІа а леладойла изза. Боьха лаамаш кхочушбийраш кхин а бехлойла. Делан лаамехь берш кхидІа а лелийла бакъонца. Далла гергахь цІена берш кхидІа а цІена лелийла».
Выбор основного перевода