Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
ХІун сий хир ду, нагахь шайн бехк буйла а хууш, деш долу таІзар ловш шу делахь? Амма диканиг а дина, шу хало ловш делахь, иза Далла гергахь деза ду. Шу оцу балхана кхайкхина ма ду. Дала леррина Къобалвинарг а, шун дуьхьа баланаш а лайна, Шена тІаьххье шу дахкийта масала а гайтина ма ву. «Цо цхьа а къа а ца латийна, Цуьнан багара харц дош а ца даьлла». Ша сийсазвича, Цо дуьхьал вон дош ца олура, Ша бала ловчу хенахь, кхерамаш ца туьйсура, амма нийсо ечу Кхелахочун кара Ша дІалора. Шен дегІаца вайн къинош жІара тІе даьхьна Цо, вай къинойх къаьстина, цІена дахийтархьама. Цуьнан чевнаш бахьана долуш дарба хилла шуна. Нагахь Дала леррина Къобалвинарг бахьана долуш шу сийсаздеш делахь, шу декъалдина ду, Делан сийлаллин Са шуьца хуьлу дела. Стаг вийнарг, я къу, я зуламхо, я мотт тоьхнарг а хилла, таІзар ловш ма хуьлийла шух цхьа а. Нагахь шуна дина таІзар Дала леррина Къобалвинчун мурд ву аьлла делахь, эхь ма хета, Далла хастам бе ша и цІе лелорна! Кхел яран хан герга кхаьчна. Делан доьзалера нахана тІера йолалур ю иза. Ткъа вайна тІера иза йолалуш хилча, Делан Кхаъ тІе ца эцначу нахана хІун таІзар хир ду?! «Делан лаамехь верг халла кІелхьарволуш хилча, Іеса лелачунна а, къинош летийначунна а хІун хир ду?» Цундела Делан лаамца баланаш хьоьгуш болчара, дерриг а диканиг дан а хьожуш, гуттар а Бакъволчу вай Кхоьллинчун кара шаьш дІадала деза.
Выбор основного перевода