Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
qac Пqac*аргІат долу дахар дезий шуна? Дукха даха лаьий шуна Делан дика гархьама? qac Рqac*еза боцу мотт зуламна аша бехкалаш. Ткъа мекара долу дешнаш шайн багара ма довлийта. qac Сqac*ацалолаш зулам дарх шу, ткъа цуьнан метта диканиг де! Цу гІуллакхна къа а хьоьгуш, машар аша лехалаш. qac Тqac*къа Хьан бІаьргаш, Веза Эла, Хьан лаамехь болчаьргахьа боьрзу. Хьан лергаш а, Веза Дела, церан тийжамашкахьа доьрзу. qac Уqac*ллора дІа ма волу Веза Эла зуламаш дечарна, Лаьттара царах лаьцна долу массо а хІума дІадайархьама. Нагахь цхьаммо, ша суьпа а хеташ, шен маттана дуьрста ца йоллахь, цо ша-шен Іехаво, цуьнан суьпа хилар а даьсса ду. Муьлхха а вон, харцдерг, шалхо, хьагІ, лер дІадаккха! «Цо цхьа а къа а ца латийна, Цуьнан багара харц дош а ца даьлла». Шен бага а, мотт а ларбечо ша вочу хІуманах кІелхьарвоккхур ву.
Выбор основного перевода