Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Цуьнан валар гуттаренна а цкъа къинан олаллех дІакъаьсташ валар дара, ткъа Цуьнан дахар Делан дуьхьа дахар ду. ХІунда аьлча Иза гІорасизниг санна жІарах дІатоьхнехь а, амма Делан ницкъаца дийна ву. Иштта тхо а ду, Цуьнца долуш гІорасиза делахь а, амма шун дуьхьа тхо Делан ницкъаца дехар ду Цуьнца цхьаьна. хІунда аьлча вайн шина а халкъан цхьаъ долчу Делан Синца Іийсагахула Дена тІекхочийла долу дела. Іийсах тешарехула майрра а, доьналла долуш а Далла тІекхочийла ду вайн. иштта Дала леррина Къобалвинчо а Ша цкъа сагІина дІавелла хилла, дуккха а адамийн къинош Шена тІеэцархьама. Ткъа Иза шолгІа, къинош дІадаха а ца вогІуш, Шега сатуьйсуш болчеран дуьхьа кІелхьардахар тІеэцархьама вогІур ву. Оцу лаамца даздина ду вай, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дегІ цкъа гуттаренна а сагІина даларна. Шу оцу балхана кхайкхина ма ду. Дала леррина Къобалвинарг а, шун дуьхьа баланаш а лайна, Шена тІаьххье шу дахкийта масала а гайтина ма ву. Дала леррина Къобалвинчо Шен дегІана бина ницкъ лайна дела, аша а цунах тера долчу леларна кечам бан беза. ХІунда аьлча дегІана хуьлу ницкъ лайнарг, къинойх дІа а къаьстина, Беллачарна а хаийтинера хаза кхаъ. ДогІмех аьлча – царна кхел йина. Ткъа синойх аьлча – уьш гуттар а дийна хир ду Дела волчохь.
Выбор основного перевода