Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Цу дийнахь Везачу Эло хаза хІуманаш цаьргара дІайохур ю: когаш тІера хаза зІенаш а, коьртан бехчалгаш а, беттан суьртехь тІеухку хІуманаш а, лергах ухкургаш а, хІазарш а, кирхьанаш а, йовлакхаш а, когийн туьтеш а, доьхкарш а, духІи чохь долу шишанаш а, молханаш а, пІелгах а, мерах а юхку чІагарш а, тІехулара а, чухулара а бедарш а, кирхьанаш а, бохчанаш а, сирла а, дуткъа а кІадеш а, таьжнаш а, корталеш а. Хаза хьожа йогІучу хІуманан метта боьха хьожа йогІу хІума хир ю, доьхкаран метта муш хир бу, хьийзинчу месийн метта – кІунзал, синкъераман бедаран метта – сингаттаман духар, хазаллин метта хІост хир ду. Иштта зударий а доІа дечу хенахь хила беза оьзда духар дуьйхина а, эхь хеташ а, оьзда а. Уьш месаш хаза кечъярца, деших я жовхІарех йина хІуманашца, я беза мах болу духаршца хазбала ца беза. Амма уьш шайн дикачу гІуллакхашца хаза хила беза, Дела лоручу зударшца иза догІуш ма-хиллара.
Выбор основного перевода