Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Цо иза дина, Делан дашехула динан ерриге а тоба, хи чохь цІан а йина, иза язъярхьама а, вай дина долу бакъахьара гІуллакхаш бахьанехь а доцуш, ткъа Шен къинхетамца кІелхьардаьхна вай. Шен Дезачу Синехула Цо вай цІан а дина, юха а кхоьллина, карла а даьхна. цхьа а къа латийна воцучу, гуттар а долуш долчу Синехула Ша Далла цхьа а томмагІа доцучу сагІина дІавеллачу Дала леррина Къобалвинчун цІийно мел чІогІа цІандийр ду вай Іожалла тІейоуьйтучу гІуллакхех, дийна волчу Далла лерина вайга Іамал яйтархьама. ЦІеначу дагаца, чІогІачу тешарца Далла гергахьа кхочийла вай, цинцаш тохарца вайн дегнаш бехк тІелацарх цІан а дина, вайн догІмаш цІеначу хица а дилина. Хастам бу Далла, леррина къобалвинчу вайн Везачу Элан Іийсан Дена, Шен доккхачу диканца вайна керла дахар делла волчу, веллачуьра Ша леррина къобалвина Іийса ден а вина, цу бахьаненна хІаллак а хир йоцучу, сакхто я замано талхор а йоцучу тІаьхьене бакъболу сатийсам вайна белла волу. И тІаьхье стигалшкахь ларъеш ю,
Выбор основного перевода