Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Геланчаша и кехаташ пачхьалкхан массо а маьІІе дІасадаьхьира. Цу кехаташ тІехь яздина дара, массо а жуьгтех волу стаг, къона а, къена а, бер а, зуда а ца къастош, цхьана дийнахь хІаллакбе, ткъа церан бахам схьа а баккха аьлла. Массо а жуьгтий байа безаш билгалдаьккхина долу де дара шийтталгІачу Адар беттан кхойтталгІа де. ШийтталгІачу Адар-беттан кхойтталгІачу дийнахь дерриг а халкъо паччахьан сацам кхочушбан безара. Иза дара жуьгтийн мостагІий, уьш кара а берзош, царна таІзар дан кечбелла долу де. Амма жуьгташа, толам а баьккхина, массо а мостагІа шайна караверзийра.
Выбор основного перевода