Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Иза хезна халкъаш кхоьруш хир ду. ПІелаштамхойн халкъ кхерамо Іадийна хир ду. Цу хенахь Эдомера элий боьхна хьийзаш хир бу, Муабера баьччанаш дага тІе кхерам тесна хир бу, КанаІанера бахархой, кхерабелла, ша санна, бешна хир бу. Кхерамо Іадор бу уьш! Хьан сийлахь куьг а гина, тІулгаш санна, дІатуьйр бу уьш, Хьан халкъ, Веза Эла, тІехдаллалц, мехах паргІатдаьккхина халкъ тІехдаллалц. Массо а жуьгтийн къомах волу стаг Ахьаш-Варушан пачхьалкхехь мел йолчу гІаланашка схьагулвелира, шаьш хІаллакдан Іалашо йолуш арабевллачарна тІелата дагахь. Цхьа а стаг царна дуьхьал ца латталора, хІунда аьлча массо а къаьмнаш жуьгтех кхераделла дара. Цундела ярташкахь Іаш болчу жуьгташа Адар-беттан дейтталгІа де, чІогІа самукъане де дина, дІахІоттийна хилла. Цу дийнахь цара вовшийн самукъадоккхуш а хилла, вовшашна совгІаташ деш а хилла. И денош жуьгташа даздан дезаш хилла, хІунда аьлча цу дийнахь уьш шайн мостагІех паргІатбевлла хилла дела. Цу баттахь цаьргахь хилла болу бала церан сакъерар хилла дІахІоьттира, церан белхар самукъане деза де хилла дІахІоьттира. Цара цу деношкахь, тойнаш а деш, вовшашна совгІаташ дала а, гІийлачарна сагІина хІума яла а дезара. жуьгташа а, церан тІаьхьено а, царна тІебаьхкинчу наха а хІора шарахь билгалъяьккхинчу хенахь и ши де, шайна дІаяздина ма-хиллара, деза де дина дІахІоттош хилла.
Выбор основного перевода