Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
нагахь санна паччахь суна реза а велахь, цунна сан дехар кхочушдан а лаахь, иза кхана ХІаманца цхьаьна аса церан сийнна хІотто леринчу тойне вогІур ву. ТІаккха дІаэр ду аса паччахье сайна луург». ТІаккха Эсирата элира: «Нагахь, паччахь, хьо суна реза а велахь, иштта паччахьан лаам а белахь, сан лаамца сан дахар а суна дуьтийла цо, сан къам а дийна дуьтийла цо сан дехарца. ХІара ду-кх сан хьоьга долу дехар, Хьалхарчу беттан кхойтталгІачу дийнахь схьакхайкхира паччахьан кехаташ яздархой. Цара ХІаманан омранаш дІаяздира пачхьалкхехь массо а меттигашкахь дехаш долчу къаьмнийн меттанашкахь а, церан йозанца а. И кехаташ паччахьан тхьамданашка а, хІора меттиган куьйгалхошка а, хІора къоман баьччанашка а яздина дара. И кехаташ паччахьан цІарах яздина дара, цуьнан мухІарца чІагІдина а дара. Геланчаша и кехаташ пачхьалкхан массо а маьІІе дІасадаьхьира. Цу кехаташ тІехь яздина дара, массо а жуьгтех волу стаг, къона а, къена а, бер а, зуда а ца къастош, цхьана дийнахь хІаллакбе, ткъа церан бахам схьа а баккха аьлла. Массо а жуьгтий байа безаш билгалдаьккхина долу де дара шийтталгІачу Адар беттан кхойтталгІа де.
Выбор основного перевода