Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Геланчаша и кехаташ пачхьалкхан массо а маьІІе дІасадаьхьира. Цу кехаташ тІехь яздина дара, массо а жуьгтех волу стаг, къона а, къена а, бер а, зуда а ца къастош, цхьана дийнахь хІаллакбе, ткъа церан бахам схьа а баккха аьлла. Массо а жуьгтий байа безаш билгалдаьккхина долу де дара шийтталгІачу Адар беттан кхойтталгІа де. Массо а жуьгтийн къомах волу стаг Ахьаш-Варушан пачхьалкхехь мел йолчу гІаланашка схьагулвелира, шаьш хІаллакдан Іалашо йолуш арабевллачарна тІелата дагахь. Цхьа а стаг царна дуьхьал ца латталора, хІунда аьлча массо а къаьмнаш жуьгтех кхераделла дара. Уьш ХІамдатин кІентан ХІаманан итт кІант вара. ХІаман жуьгтийн мостагІа вара. Цундела цара уьш байина дІабехира, амма церан бахамах куьг ца туьйхира. Адар-беттан дейтталгІачу дийнахь Шушан-гІалахь вовшах а кхетта, жуьгташа кхин а кхо бІе стаг вийра, амма церан бахамах цхьа а хІума схьа ца ийцира. Пачхьалкхан кхийолчу меттигашкахь Іаш болчу жуьгташа, шаьш лардархьама а, шайн мостагІех шаьш паргІатдахархьама а, вовшах а кхетта, кхузткъе итт эзар мостагІа вийна хилла, амма церан бахамах куьг ца тоьхна. Ткъа Шушан-гІалахь бехаш болу жуьгтий Адар-беттан кхойтталгІачуй, дейтталгІачуй деношкахь вовшахкхеташ хилла. ПхийтталгІачу дийнахь цара садоІуш хилла. И де цара, самукъане деза де а дина, дІахІоттийна хилла.
Выбор основного перевода