Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
ХІара хІума хилла Ахьаш-Варуша паччахьалла дечу заманчохь. Ахьаш-Варуша паччахьалла деш хилла Индина тІера Хуша-махкана тІекхаччалц йолчу цхьа бІе ткъе ворхІ меттигна тІехь. Цо шен пачхьалкхан массо а маьІІе кехаташ дахьийтира. И кехаташ хІора меттиган абатан низамехь а, хІора цигахь дехаш мел долчу халкъан маттахь а яздина дара. Цу кехаташ тІехь аьлла дара, хІора майра шен доьзалехь эла ву, ткъа цуьнан цІахь майрачун мотт бен ма бийца аьлла. Хьалхарчу беттан кхойтталгІачу дийнахь схьакхайкхира паччахьан кехаташ яздархой. Цара ХІаманан омранаш дІаяздира пачхьалкхехь массо а меттигашкахь дехаш долчу къаьмнийн меттанашкахь а, церан йозанца а. И кехаташ паччахьан тхьамданашка а, хІора меттиган куьйгалхошка а, хІора къоман баьччанашка а яздина дара. И кехаташ паччахьан цІарах яздина дара, цуьнан мухІарца чІагІдина а дара. Геланчаша и кехаташ пачхьалкхан массо а маьІІе дІасадаьхьира. Цу кехаташ тІехь яздина дара, массо а жуьгтех волу стаг, къона а, къена а, бер а, зуда а ца къастош, цхьана дийнахь хІаллакбе, ткъа церан бахам схьа а баккха аьлла. Массо а жуьгтий байа безаш билгалдаьккхина долу де дара шийтталгІачу Адар беттан кхойтталгІа де. Ахьаш-Варушан пачхьалкхехь йолчу бІе ткъе ворхІ меттигехь бехаш болчу жуьгташка дІасадахьийтина хилла хІара кехат. Кехатан дешнаш машарх а, тешамах а лаьцна хилла.
Выбор основного перевода