Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
ХІора пачхьалкхана чуйогІуш йолчу меттигехь цу кехат тІехь дІаязбина сацам, нахана хьалха дІа а бешна, гучубаккха безаш бара, уьш цу дийнахь кийча хилийтархьама. Цо иштта ХІатахига дІаделира, жуьгтий хІаллакбе аьлла, паччахьан сацам тІехь болу кехат а. И сацам цу хенахь Шушан-гІалин массо а маьІІе дІабахьийтинера. Мардахайна лаьара и сацам Эсиратана дІабовзийла а, цунна массо а хІума дІахоийла а. Цо Эсиратана тІедиллийтира, иза паччахь волчу а яхана, цуьнга шен къомах къинхетам бахьара аьлла, паччахье дехарш дар. Цу кехаташ тІехь яздина дара, паччахьо хІора гІалахь болчу массо а жуьгташна шайн мостагІех лардала бакъо яларх лаьцна. Царна бакъо елира муьлххачу а халкъан я меттиган эскар хІаллакдан, цуьнан зударий а, бераш а дайа, нагахь санна и халкъ царна тІелеттехь. Иштта бакъо елира церан бахам шайна дІабахьа а. Жуьгташа шайн мостагІий, тарраш детташ, бойуш а хилла, шайн болчу ницкъаца хІаллакбеш а хилла. Шаьш ца безаш болчарна цара шайна луъург деш хилла. Шушан-гІалин гІопахь пхи бІе стаг вийна хилла цара.
Выбор основного перевода