Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Аса иштта омра до: нагахь санна цхьаммо хІара омра кхочуш ца дахь, цу стеган цІийнах боллуш болу бІогІам схьа а баьккхина, иза цу бІогІамана тІевогІа. И зулам бахьана долуш цуьнан цІенойх саьлнаш ян еза. Цуьнан, ХІадаси цІе а йолуш, ден вешин йоІ хилла. ЙоІан я да а, я нана а ца хилла, цундела иза Мардахайс дола деш лелош хилла. ХІадасин дай-наний кхелхинчул тІаьхьа, цо шен йоІ санна лелош хилла иза. ХІадасин, Эсират аьлла, кхин а цхьа цІе йоккхуш хилла. Цуьнан юьхь-сибат а, дегІ а чІогІа хаза а, куц долуш а дара. Эсирата элира: «И буьрса мостагІа а, зуламе стаг а хІара ву: ХІаман!» Ткъа ХІаман паччахьна а, паччахьан зудчунна а хьалха, кхера а велла, вегош лаьтташ вара. Паччахьо, жоп луш, элира седа-жайна хьовсучаьрга: «Ас чІагІо йина, нагахь санна аша сан гІан а, цуьнан маьІна а суна ца дийцахь, шух, аьтта, кескаш яйта а, шун цІенойх саьлнаш йита а.
Выбор основного перевода