Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Паччахьан лаам хилахь, цо шен сацам дІакхайкхо беза. И лакхарчу Іедалан сацам парсихойн а, мадайхойн а халкъашна юкъахь лелаш хила а беза, цкъа а юкъара дІа а ца боккхуш. Цу сацамца паччахьан зуда Вашати кхин Ахьаш-Варуш волчу чуяха йиш йолуш хила ца еза. Ткъа Вашатин паччахьан дарж цул а дикаха йолчу кхечу зудчуьнга дІадала деза паччахьо. Хьалхарчу беттан кхойтталгІачу дийнахь схьакхайкхира паччахьан кехаташ яздархой. Цара ХІаманан омранаш дІаяздира пачхьалкхехь массо а меттигашкахь дехаш долчу къаьмнийн меттанашкахь а, церан йозанца а. И кехаташ паччахьан тхьамданашка а, хІора меттиган куьйгалхошка а, хІора къоман баьччанашка а яздина дара. И кехаташ паччахьан цІарах яздина дара, цуьнан мухІарца чІагІдина а дара. Мардахайс и кехаташ Ахьаш-Варушан цІарах дІаяздайтира, паччахьан мухІарца чІагІ а дира. Цо и кехаташ геланчашка паччахьан сихачу говрашкахь дІасадахьийтира (и говраш къаьсттина сихачу дойх схьаевлла хилла). И омра, цхьа а хийцамаш бан йиш йоцуш хилар билгал а доккхуш, дІаязде. ТІаккха, мадайхойн а, парсихойн а Іедалехь санна, и чІагІо йохо йиш хир яц». ТІаккха паччахь волчу а баьхкина, паччахье цо дина омра дагадаийтира цара: «Хьо вац и омра чІагІдинарг, муьлхха а стаг ткъе итт дийнахь, хьо воцучуьнга, цхьанна а адаме я Деле дехар динарг лоьмашна даьккхинчу ор чу кхосса аьлларг?» Паччахьо жоп делира: «И дош чІагІо йолуш ду, мадайхойн а, парсихойн а Іедал санна, цхьа а хийцам бан йиш а йоцуш». Амма цу наха, цхьаьна а кхетта, чІогІа хьовзийра паччахь. Цара бохура: «Хаа ду хьуна, паччахь, мадайхойн а, парсихойн а Іедалехь цхьаьна а билгалдаккхаро я сацамо паччахьо чІагІдинарг хийца йиш йоцийла».
Выбор основного перевода