Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара ЯхІуд-махкахь паччахь волу ЯхІу-Яхин Ярушалайм-гІалара йийсаре валийча, иза а, кхечарна юкъахь, йийсаре валийна хилла. Паччахьан зуда йолчу а, Абу-Хьаилан йоІ йолчу а Эсирата жуьгти волчу Мардахайца цхьаьна цхьа кехат дІаяздира, Пурим олучу дезачу дийнах лаьцна Мардахайс дІаяздина долу хІара шолгІа кехат чІагІдархьама. Йийсарехь болчарна юкъара хаьржина массо а къонахой паччахьна гайта йиллина хан тІекхаьчначу хенахь, паччахьан кертара коьртачу куьйгалхочо уьш Набухди-Нецар-паччахьна тІебалийра.
Выбор основного перевода