Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Паччахьо хаьржина болчу баьччанаша пачхьалкхан массо а маьІІера хаза зудабераш схьахаржа деза. Цул тІаьхьа уьш Шушан-гІалин гІопе схьадало а деза. И зудабераш паччахьан зударий чохь Іаш долчу цІа чу а дигна, ваьІна волу коьрта ялхо волчу ХІигайн куьйга кІел охьаховшо деза, хІоранна а чкъор хаза хуьлуьйтуш долу хьакхарш а делла. Ахьаш-Варуш-паччахьан цІа чу яхале, хІора йоІа шийтта баттахь шена хьакхарш хьекха дезаш хуьлура – ялх баттахь деза даьтта а хьоькхуш, ткъа вукху ялх баттахь духІиш а, кхидолу зударийн хьакхарш а хьоькхуш. Цо, шена Эсират гича, цунна реза а хилла, иза йолчу агІор шен карахь йолу дашо гІаж дІакховдийра. Эсират, тІе а еана, цу дашочу гІожан йистах дІахьакхаелира. Дала нисдира паччахьан кертара хьаькамийн куьйгалхо цуьнца дика хилар.
Выбор основного перевода