Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
ТІаккха ЯхІу-Якхам, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Ткъа цуьнан кІант ЯхІу-Яхин керла паччахь хилла дІахІоьттира шен ден метта. ЯхІу-Яхинан берхІитта шо кхаьчнера, иза паччахь дІахІуттуш. Ярушалайм-гІалахь Іаш а волуш, цо кхаа баттахь олалла дира. ЯхІу-Яхинан ненан цІе Нахьушат яра. Иза Ярушалаймерчу Эли-Натин йоІ яра. ЯхІу-Яхин-паччахьо а, шен дайша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора. Цу хенахь Бавел-мехкан паччахьан Набухди-Нецаран тІеман хьаькамаша, Ярушалайм-гІалина тІе а гІоьртина, цунна го бира. ТІаккха Бавел-мехкан паччахь волу Набухди-Нецар гІалина тІевеара, шен тІеман хьаькамаша гІалина го бинчу хенахь. ЯхІудхойн паччахь волу ЯхІу-Яхин а, цуьнан нана а, цуьнан ялхой а, цуьнан тІеман хьаькамаш а, цуьнан кертара хьаькамаш а шаьш Набухди-Нецаран кара бахара. Иштта, Бавел-махкарчу Набухди-Нецар-паччахьо олалла ден борхІалгІа шо долуш, цо ЯхІу-Яхина йийсар дира. ТІаккха Набухди-Нецар-паччахьо Ярушалаймехь долчу Везачу Элан цІийнан хазни чохь мел йолу хІума а, паччахьан кертара мехала мел йолу хІума а дІаяьхьира. Везачу Эло аьлла ма-хиллара, хьалха исраилхойн паччахь хиллачу Сулима Везачу Элан цІенна лерина яйтина хилла йолу массо а дашо хІуманаш дІаяьхьира Бавел-мехкан паччахьо. Цул тІаьхьа массо ярушалаймхой арабехира цо, массо элий а, берриг доьналла долу эскархой а дІабигира. Иштта, йийсаре дІадигна долу дерриг адам итт эзар дара. Царна юкъахь бара дечиган а, эчиган а говза пхьераш. ЯхІуд-махкахь, уггаре а миска нах боцурш, цхьа а ца висира. Цу тайпана, ЯхІу-Яхин-паччахь, цуьнан нана, цуьнан зударий, паччахьан кертахь гІуллакх деш хилларш, лаккхарчу даржашкахь хилла нах – уьш берриш а Ярушалайм-гІалара Бавел-махка кхалхийра Бавел-мехкан паччахьо. Бавел-мехкан паччахьо Бавел-махка йийсаре дІадигира шена чохь ворхІ эзар тІемало волу дерриг эскар а, цхьа эзар говза пхьар а, аьчка-пхьар а. Цу дІабигначарна юкъахь уггар а доьналла долу тІемалой бара. Везачу Эло суна дуьхьал сурт хІоттийра, Шен цІенна хьалха лаьтташ долу инжираш чохь йолу ши тускар а гойтуш. (Иза дара бавелхойн паччахь волчу Набухди-Нецара яхІудхойн паччахьан ЯхІу-Якхаман кІант Яхун-ЯхІу яхІудхойн тхьамданашца а, аьчка а, дечиган а пхьерашца а Ярушалайм-гІалара Бавел-махка йийсаре вигначул тІаьхьа.) Ярушалаймера Ярми-ЯхІу-пайхамаро кехат дахьийтира Набухди-Нецара Ярушалаймера Бавеле дІабигна болчу йийсархойх бисина болчу къаношка а, иштта динан дайшка а, пайхамаршка а, цигахь долчу массо а халкъе а. И кехат дахьийтира паччахь волу Яхун-ЯхІу, цуьнан нана а, Ярушалаймера а, ЯхІуд-махкара а паччахьан кертара ялхой а, тхьамданаш а, иштта дечиган а, аьчка пхьераш а Ярушалаймера дІабигинчул тІаьхьа.
Выбор основного перевода