Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Паччахьан лаам хилахь, цо шен сацам дІакхайкхо беза. И лакхарчу Іедалан сацам парсихойн а, мадайхойн а халкъашна юкъахь лелаш хила а беза, цкъа а юкъара дІа а ца боккхуш. Цу сацамца паччахьан зуда Вашати кхин Ахьаш-Варуш волчу чуяха йиш йолуш хила ца еза. Ткъа Вашатин паччахьан дарж цул а дикаха йолчу кхечу зудчуьнга дІадала деза паччахьо. И паччахьан сацам доза ца хиллал йоккхачу массо а пачхьалкхехь нахана дІахиъначул тІаьхьа, массо а зударий шайн майранаш лоруш хир бу, цІе яхна болчарна тІера дуьйна кІезигчу нахана тІекхаччалц». ХІаман ша Мардахайна кечбина болчу бІогІам тІехь ирхъоьллира. Цул тІаьхьа паччахь оьгІазваханчуьра юхавирзира.
Выбор основного перевода