Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Эсирата шен къомах а, шен гергарчу нахах а лаьцна цхьа а хІума ца дуьйцура, хІунда аьлча Мардахайс цунна, хІумма а ма дийца аьлла, тІедиллинера. Цо иштта ХІатахига дІаделира, жуьгтий хІаллакбе аьлла, паччахьан сацам тІехь болу кехат а. И сацам цу хенахь Шушан-гІалин массо а маьІІе дІабахьийтинера. Мардахайна лаьара и сацам Эсиратана дІабовзийла а, цунна массо а хІума дІахоийла а. Цо Эсиратана тІедиллийтира, иза паччахь волчу а яхана, цуьнга шен къомах къинхетам бахьара аьлла, паччахье дехарш дар.
Выбор основного перевода