Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Эсирата, Мардахайс шега ма-аллара, цхьаьнгге а ца дуьйцура, ша мича тайпанах ю а, мича къомах ю а. Цуьнан йоІ санна, Мардахайн куьйга кІел ша хиларе терра, Эсирата ладугІура Мардахайга. Ша хьалхарчу дийнахь ма-хаттара, чагІар молучу хенахь паччахьо Эсирате хаьттира: «Эсират, хІун дехар ду хьан соьга? Хьайна луъург соьга деха, кхочушдийр ду аса хьан дехар. Ахпачхьалкх дІаяла дезахь а, аса хьан дехар кхочушдийр ду». ТІаккха Эсирата элира: «Нагахь, паччахь, хьо суна реза а велахь, иштта паччахьан лаам а белахь, сан лаамца сан дахар а суна дуьтийла цо, сан къам а дийна дуьтийла цо сан дехарца. ХІара ду-кх сан хьоьга долу дехар, хІунда аьлча со а, сан къам а доьхкина ду хІаллакдан а, дайа а дагахь. Нагахь санна тхох леш дан дагахь доьхкина делахьара, аса паччахье хІумма а эр дацара, и хІума а дина, мостагІчо паччахьна хилла зе меттахІоттор доццушехь».
Выбор основного перевода