Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Къуша Бен-Яманан тайпанах схьаваьлла хилла. Иза ша Абуалан кІант хилла, ткъа Абуал Царарин кІант хилла. Царар – Бахрутин кІант, ткъа Бахрути бен-яманхо волчу Апахьин кІант хилла. Ткъа Къуша ша махкахь цІе яхана стаг хилла. Шаулан да Къуша а, Абунаран да Нер а Абуалан кІентий бара. Дауд Бахьруме дІакхаьчча, цигара Шаулан цІийнах волу цхьа стаг аравелира. Цуьнан цІе ШамаІи яра. Иза Герин кІант вара. ШамаІи, неІалташ а кхайкхош, Кхин а, диц ца долуьйтуш, дагалацалахь, Бахьрум олучу меттигера бен-яманхочун Герин кІант ШамаІи а ву хьуна. Со Махьанайм олучу меттиге воьдучу хенахь, цо чІогІа сардамаш доьхкира суна. Иза Йордан-хин йистехь сайна дуьхьал кхетча, аса Везачу Элах дуй биънера, айса, тур тоьхна, иза вуьйр вац аьлла. ТІаккха ШамаІи схьавалаве аьлла, омра дира Сулим-паччахьо. ШамаІига Сулим-паччахьо элира: «Хьайна Ярушалайм-гІалахь цІа а дай, кхузахь Іе, кхузара цхьана а метте дІаса а ма вала. Къуша Неран кІант вара. Къушин кІант вара Шаул. ЯхІуната а, МалкишаІ а, Абинадаб а, ЭшбаІал а бара Шаулан кІентий. Оцу нехан куьйгалхой бара: Зурбабел, ЮшаІ, Нахьми-ЯхІу, Сари-ЯхІу, РаІал-ЯхІу, Мардахай, Билшан, Миспар, БигІвай, Рахьим, БаІна. ХІорш ю юхабаьхкинчу исраилхойн цІераш: Кху дийцар тІехь юьйцучу хенахь Ахьаш-Варуша Шушан-гІалин гІопахь лаьтташ долчу паччахьан гІанта тІера паччахьалла дора. Паччахьан кевнехь гІуллакх деш болу массо а элий, ХІаманна хьалхахь охьа а теІаш, корта бетташ хуьлура. Иза царна паччахьо тІедиллина дара. Ткъа Мардахай я охьа а ца таьІара ХІаманна хьалхахь, я цунна корта а ца беттара цо.
Выбор основного перевода