Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Андде шайн кІадделла куьйгаш, чІагІъе шайн егош йолу голаш. Кхоьруш долу дегнаш долчаьрга дІаала: «Доьналлехь а хила, кхера а ма кхера! Дела схьавогІур ву, шун мостагІашна бекхам бархьама. Царна доггІург а делла, шу кІелхьардаха Иза вогІур ву». Хьалахьаьжча, суна хІара сурт гира: гатанан бедар а юьйхина, гІодаюккъе Упаз-махкарчу деших дина доьхка а дихкина, цхьа стаг вара лаьтташ. Адамийн сибатехь волу цхьаммо сан балдех куьг хьаькхира, тІаккха со, бага а гІаттийна, къамел дан волавелира. Сайна хьалха лаьтташ волчуьнга ас элира: «Эла! ДуьхьалхІоьттинчу суьрто суна даийтинчу лазарша сан гІора дІадаьккхина.
Выбор основного перевода