Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Амма Везачу Эло ГадІане элира: «Марша Іойла! Ма кхера! Хьо лийр вац!» Хьо доІа дан волавелча, хьан доІанна жоп делира. Хьо Далла везаш стаг волу дела, иза хьоьга дІакхайкхо деана со. ХІинца оцу дешан духе а кхиа, дуьхьалхІоьттинчу суьртах а кхета. ТІаккха цу стага элира соьга: «Даниал, Далла везаш волу стаг! ХІинца со хьайна тІеваийтина дела, ас хьайга эр долчу дешнийн духе кхиалахь. Хьайн когаш тІе нийса дІахІотта». Цо и дешнаш сайга аьлча, вегош, хьалагІаьттира со. ТІаккха цо соьга элира: «Ма кхера, Даниал. Далла хьалха хьайн дог эсала а дина, хІокху хаамах кхета гІерташ, ахь дина доІанаш дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна Далла дІахезна. Ахь дехна дела веана со. Сайна и гича, велча санна, Цуьнан когашка вуьйжира со. Ткъа Цо, суна тІе аьтту куьг а диллина, соьга элира: «Ма кхера. Со ву Хьалхарниг а, ТІаьххьарниг а.
Выбор основного перевода