Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
«Оцу ворхІалгІачу беттан уьтталгІачу дийнахь аша беза гулам дІахІоттабе. Массо а хІуманна тІера марха а кхобуш, цхьа а тайпа болх ма бе цу дийнахь. Цу зудчо дина муьлхха нигат а, дуй а бууш, цхьа хІума ца дан цо йина муьлхха чІагІо а тІеэца а, тІе ца эца а бакъо ю цуьнан майрачун. ТІаккха доІанца, дехарца, марха кхабарца, сингаттаме хилар гойту бедар юхарца, сайна тІе чим тасарца ас сайн дог-ойла Хьалдолчу Далла тІеерзийра. Аса а, сан Исраилан халкъо а летийначу къиношна со къера хилар дІадийцира ас доІанехь. Сайн Делан ломах лаьцна дехар а дІаделхийра ас сан Везачу Далла хьалха. Со доІа дина валаза а волуш, суьйренан сагІа доккху хан гергга йолуш, хьалха а сурт хІуттуш суна гина, адамах тера долу Джабраил-малик, тІемадаьлла, сихха схьадеара. Со кхета а веш, соьца къамел а деш, цо элира: «Даниал! Хьо кхеторхьама деана со хІинца. Хьо доІа дан волавелча, хьан доІанна жоп делира. Хьо Далла везаш стаг волу дела, иза хьоьга дІакхайкхо деана со. ХІинца оцу дешан духе а кхиа, дуьхьалхІоьттинчу суьртах а кхета. Кхеравелла, цуьнга дІахьаьжира Корнил. «ХІун боху ахьа, Эла?» – хаьттира цо. Малико жоп делира: «Хьан доІанашна а, сагІанашна а Дала жоп делла. Сайна и гича, велча санна, Цуьнан когашка вуьйжира со. Ткъа Цо, суна тІе аьтту куьг а диллина, соьга элира: «Ма кхера. Со ву Хьалхарниг а, ТІаьххьарниг а.
Выбор основного перевода