Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Шен кІентий схьа а кхайкхина, Якъуба элира: «Суна уллохь гул а лой, ладогІа, тІейогІучу хенахь шуьца хиндерг дуьйцур ду ас. Амма ву стигалшкахь къайленаш дІайоьллуш волу Дела. Цо дІадоьллу Набухди-Нецар-паччахьна тІаьхьарчу заманчохь хиндерг. Хьо дІавижна волуш хьан коьрта чохь хьуна гина гІан а, сурт а иштта дара: Суьйренех а, Іуьйренех а лаьцна хьуна гинарг – иза билггал бакъ ду, ткъа ахьа и хьайна гина сурт къайладаккхий дита, иза кестта хиндолчух лаьцна доцу дела». Со кхета а веш, соьца къамел а деш, цо элира: «Даниал! Хьо кхеторхьама деана со хІинца. И хаам дІаязбе, хІунда аьлча Ас дІахоуьйтун дерг билгалъяьккхинчу хенахь бен кхочушхир дац. И хаам чаккхенах хьаьгна бу, иза харц хир бац. Иза кхочушхилар вайна дахделла хетахь а, цуьнга ладугІуш хила. Иза билггал хир долуш ду, иза хьелур дац.
Выбор основного перевода