Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Ткъа хьуна гина йолу месала бож – иза грекийн паччахь ву. Цуьнан бІаьргашна юккъехь йолу йоккха маІа – иза цу грекийн дуьххьарлера паччахь ву. Амма Парси-пачхьалкхана тІехь олалла деш волу жинийн эла ткъе цхьана дийнахь суна дуьхьало еш лаьттира. Ткъа коьртачу эла-маликех цхьаъ долу Микаал-малик суна гІо дан деара, со Парси-мехкан паччахьна уллохь хьевелла дела. «ХІинца ас бакъдерг дІахоуьйту хьоьга: Парси-махкахь кхин кхоъ паччахь вер ву. Цул тІаьхьа шен боккхачу бахамца царал массарал а тоьлур ву воьалгІаниг. Шен бахамца ша тІех чІагІвелча, дерриг а халкъ грекийн пачхьалкхана дуьхьал гІаттор ду цо.
Выбор основного перевода