Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Іузи-ЯхІу-паччахь веллачу шарахь лекхачу а, айаделлачу а Іаршна тІехь охьахиъна Іаш волу Хьалдолу Эла гира суна. Цуьнан обанан йистоша дерриг а Делан цІа хьаладуьзнера. Цунна тІехула лаьттара сирап-маликаш. Церан хІораннан а ялх тІам бара: шинца цара юьхь дІакъовлура, шинца когаш къайлабохура, ткъа шинца тІема довлура уьш. Вовшашка кхойкхуш, бохура цара: «Веза ву, веза ву, веза ву массо а ницкъийн Веза Эла! Дерриг а латта Цуьнан сийлаллех дуьзна ду!» Церан аьзнаша Делан цІийнан неІсагІанаш егайора, ткъа цІа кІуьрах хьаладуьзира. Ас элира: «Къа ду сан! ХІаллакьхили со! Сан бага цІена яц, цІена баганаш йоцучу халкъана юкъахь Іаш а ву со, ткъа сан бІаьргашна гина Паччахь, массо а ницкъийн Веза Эла». Со цхьа висира. Оцу дуьхьалхІоьттинчу Іаламат доккхачу суьрте хьоьжура со. Сан гІора дайра, со докъан васте вахара, сан ницкъ метта ца хІуттура.
Выбор основного перевода