Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Амма Парси-пачхьалкхана тІехь олалла деш волу жинийн эла ткъе цхьана дийнахь суна дуьхьало еш лаьттира. Ткъа коьртачу эла-маликех цхьаъ долу Микаал-малик суна гІо дан деара, со Парси-мехкан паччахьна уллохь хьевелла дела. «ХІинца ас бакъдерг дІахоуьйту хьоьга: Парси-махкахь кхин кхоъ паччахь вер ву. Цул тІаьхьа шен боккхачу бахамца царал массарал а тоьлур ву воьалгІаниг. Шен бахамца ша тІех чІагІвелча, дерриг а халкъ грекийн пачхьалкхана дуьхьал гІаттор ду цо. «Оцу хенахь хьан халкъ Іалашдеш долу а, сийлахь эла долу а Микаал-малик гучудер ду. ТІаккха адамаш дуьнен чу девллачхьана, хІокху ханна тІекхаччалц, цкъа а хилла йоцу хала хан йогІур ю. Ткъа оцу хенахь хьан халкъана юкъара берриг а Делан тептар тІе дІаязбина карор берш кІелхьарбевр бу. Ткъа ахьа, Даниала, хІара дешнаш къайладаха, чаккхенан зама тІеяллалц кху тептарна мухІар а тохий. Дукхахболчара иза доьшур ду, тІаккха хаарш алсамдевр ду».
Выбор основного перевода