Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Оцу деношкахь кхаа кІирнах гІайгІане воьжна Іийра со, Даниал. Тоьлла кхача ца буура ас. Жижиг а, чагІар а ца дахара сан кийра. Кхо кІира кхаччалц, дегІан цІано ярхьама хьожа йогІу хьакхарш ца хьийкхира аса. Цо элира: «Хаьий хьуна, хІунда веана со хьо волчу? Хаалахь, „бакъдолчун тептар“ тІехь дІаяздина дерг хьоьга дІахаийта веана со. Хьаххийначуьра аьлча, со хІинца Парси-мехкан элаца тІом бан юхавоьрзур ву, ткъа цул тІаьхьа грекахойн элан рагІ кхочур ю. Цу тІе аьлча, шун эла волу Микаал воцург, цхьа а вац-кх оцу элашна дуьхьал аса бечу къийсамехь суна гІо дийр долуш. Цо элира: «Хаьий хьуна, хІунда веана со хьо волчу? Хаалахь, „бакъдолчун тептар“ тІехь дІаяздина дерг хьоьга дІахаийта веана со. Хьаххийначуьра аьлча, со хІинца Парси-мехкан элаца тІом бан юхавоьрзур ву, ткъа цул тІаьхьа грекахойн элан рагІ кхочур ю. Цу тІе аьлча, шун эла волу Микаал воцург, цхьа а вац-кх оцу элашна дуьхьал аса бечу къийсамехь суна гІо дийр долуш. «Оцу хенахь хьан халкъ Іалашдеш долу а, сийлахь эла долу а Микаал-малик гучудер ду. ТІаккха адамаш дуьнен чу девллачхьана, хІокху ханна тІекхаччалц, цкъа а хилла йоцу хала хан йогІур ю. Ткъа оцу хенахь хьан халкъана юкъара берриг а Делан тептар тІе дІаязбина карор берш кІелхьарбевр бу. Мусан докъах лаьцна ша иблисаца къуьйсучу хенахь коьртачу Микаал-малико, Іоттар еш бехке хІума ала а ца даьхьна, иштта аьлла: «Везачу Эло таІзар дойла хьуна». Стигалахь тІом болабелира. Микаал-малико а, цуьнан маликаша а саьрмикна дуьхьал тІом бира. Ткъа саьрмик а, цуьнан тиладелла маликаш а царна дуьхьалдевлира.
Выбор основного перевода