Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Ткъес санна, сиха дІасалелаш дара и дийнаташ. ХІора чкъурган сибат цхьатерра дара. Уьш, хризолит олучу безачу тІулгех йича санна, лепаш яра, ткъа цхьа чкъург кхечу чкъургана чохь йолуш санна хеталора. Уьш дІадоьлхучу хенахь суна церан тІемийн гІовгІа хезара. Церан тІемаша, дІадоьдуш долчу доккхачу хино санна, гІовгІа йоккхура. И гІовгІа Ницкъболчун аз санна, я эскаран гІовгІа санна хеталора. И дийнаташ дІадоьлхучуьра совццушехь, тІемаш церан агІонашна тІедуьжура. Цигахь, царна хьалххахь, Дала Цуьнан амат хийцира. Іийсан юьхь, малх санна, къегаш яра, Цуьнан бедарш бІаьрган нур дойуш кІайн яра. Цуьнан амат, стелахаьштиг санна, къегара, тІера бедарш, ло санна, кІайн яра. Цуьнан коьрта тІера месаш, тІаргІа а, ло а санна, кІайн яра. Цуьнан БІаьргаш а дара йогу алу санна. Цуьнан когаш пешахь лалийначу, къегачу цІастанах тера бара. Чухчарин гІовгІа санна дара Цуьнан аз. Цуьнан аьтту куьйгахь ворхІ седа бара. Цуьнан багара схьадолура шинна а агІор ира долу тур. Цуьнан юьхь а, шен нуьцкъалаллин нуьрехь болу малх санна, лепаш яра. «Иштта Тхьайтир-гІаларчу динан тобанан малике а дІаязде: Иштта боху бІаьргаш цІеран алу санна а, когаш къегачу цІастанах санна а болчу Делан КІанта. Суна хезира йоккхачу тобанна чуьра долуш санна долу аз а. Чухчарин гІовгІанах я чІогІачу стигалан къекъарх тера дара и аз. Цо бохура: «Хастам бу Далла! ХІунда аьлча массо а ницкъийн Веза Дела паччахьалла дан волавелла.
Выбор основного перевода