Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Дуткъадина дети Таршашара деъна, ткъа деши Упазара деъна, цІушна тІедилла. И цІуш бина бу дечиган пхьеро а, дешин пхьеран куьйгаша а. Церан духарш сийначу а, таьІна-цІечу а басахь ду. Уьш массо а говзачу белхалоша йина хІуманаш ю. Къилбаседехьа дІадирзина лаьттачу лакхара ков долчу агІонера схьавогІуш ялх стаг гира суна. Церан хІораннан а карахь хІаллакдаран герз дара. Цаьрца кхин цхьа стаг вара, шена тІеюьйхина дуткъачу кІадих йина йолу бедарш а йолуш, гІодаюкъарчу доьхкарх дІабихкина яздархочун гІирс а болуш. Схьа а баьхкина, сагІа доккхучу цІестан кхерчана улло дІахІиттира уьш. Царах цхьаммо гатанан духарца хиш тІехь лаьтташ волчу стаге хаьттира: «Маца хир ю оцу инзаречу хиндолчийн чаккхе?» – аьлла. ТІаккха гатанан духарца хиш тІехь лаьттачу стага аьтту а, аьрру а куьйгаш стигала а айина, даим вехаш волчу Делах дуй а бууш, олуш хезира суна: «Заманан а, заманийн а, заманан эханан чаккхенгахь а, Делан нехан ницкъ эшор чекхдаьлча, хІара дерриг а чекхдер ду». Ткъа оцу ворхІ стогарна юкъахь лаьтташ «адамийн кІантах тера цхьаъ» вара. Цунна тІехь еха бедар яра, ткъа цуьнан некхана гонах хьарчийна деших дина доьхка дара. Цуьнан коьрта тІера месаш, тІаргІа а, ло а санна, кІайн яра. Цуьнан БІаьргаш а дара йогу алу санна. Цуьнан когаш пешахь лалийначу, къегачу цІастанах тера бара. Чухчарин гІовгІа санна дара Цуьнан аз. Цу чоьнна чуьра, тІаьххьара хир болу ворхІ бала а бахьаш, ворхІ малик араделира. Царна тІехь яра дуткъачу кІадих йина цІена а, къегаш йолу а бедарш. Некхана гонах дашо доьхкарш а дара.
Выбор основного перевода