Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ларлолахь, цу махкахь Іаш болчу нахаца берта ма гІолахь, хІунда аьлча, Соьгара дІа а бирзина, шайн деланашна тІаьхьахІиттича, царна сагІанаш даьхча, хьо дІакхойкхур ву цара, ткъа церан деланашна лерина сагІанаш даа там бу ахьа. Церан мехкарий хьайн кІенташна ма балабе, Везачу Элера дІа а бирзина, шайн деланашна тІаьхьахІиттар цу мехкаршка хьайн кІенташна ца Іамадайта. Нагахь шу, юха а девлла, шайна юкъахь дисинчу халкъех дІакхетахь, аша цаьрца гергарлонаш а тийсахь, захалонаш леладахь, хаалаш: шун Везачу Дала дІалохкур дац и халкъаш шу долчуьра. Ткъа уьш шуна гур а, ор а, пІендаршна тІе шед а, бІаьргашна чу баІ а хилла дІахІуьттур ду. Эххар а шу тІепаза довр ду шун Везачу Дала шайна деллачу исбаьхьчу кху лаьтта тІера. Уьш бара Везачу Эло исраилхошка иштта дешнаш аьллачу оцу къаьмнех: «Аша оцу къаьмнех йолу зуда яло мегар дац, шаьш цаьрга шайн деланашна тІаьхьа ца хІиттадайтархьама». Амма и зударий тІех дукха безарна, корта дІабаханера Сулим-паччахьан. Исраилхоша шайна гонах дехаш долчу халкъийн зударий балор бахьана долуш, Делан долахь долу халкъ кхечу къаьмнех дІаийнера. И къа шайх леточеран могІаршкахь бара мехкан куьйгалхой а, кхиболу хьаькамаш а».
Выбор основного перевода